Ненан мотт-дахаран хазна!

21.11.2023

Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Тхан берийн бешахь кхетам-кхиорхойш нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту берашна.